| 1690‑гӀа | 1690 | 1691 | 1692 | 1693 | 1694 | 1695 | 1696 | 1697 | 1698 | 1699 |
|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| 1700‑гӀа | 1700 | 1701 | 1702 | 1703 | 1704 | 1705 | 1706 | 1707 | 1708 | 1709 |
| 1710‑гӀа | 1710 | 1711 | 1712 | 1713 | 1714 | 1715 | 1716 | 1717 | 1718 | 1719 |
| 1720‑гӀа | 1720 | 1721 | 1722 | 1723 | 1724 | 1725 | 1726 | 1727 | 1728 | 1729 |
| 1730‑гӀа | 1730 | 1731 | 1732 | 1733 | 1734 | 1735 | 1736 | 1737 | 1738 | 1739 |
| 1740‑гӀа | 1740 | 1741 | 1742 | 1743 | 1744 | 1745 | 1746 | 1747 | 1748 | 1749 |
| 1750‑гӀа | 1750 | 1751 | 1752 | 1753 | 1754 | 1755 | 1756 | 1757 | 1758 | 1759 |
| 1760‑гӀа | 1760 | 1761 | 1762 | 1763 | 1764 | 1765 | 1766 | 1767 | 1768 | 1769 |
| 1770‑гӀа | 1770 | 1771 | 1772 | 1773 | 1774 | 1775 | 1776 | 1777 | 1778 | 1779 |
| 1780‑гӀа | 1780 | 1781 | 1782 | 1783 | 1784 | 1785 | 1786 | 1787 | 1788 | 1789 |
| 1790‑гӀа | 1790 | 1791 | 1792 | 1793 | 1794 | 1795 | 1796 | 1797 | 1798 | 1799 |
| 1800‑гӀа | 1800 | 1801 | 1802 | 1803 | 1804 | 1805 | 1806 | 1807 | 1808 | 1809 |
II эзар шо XVI бӀешо — XVII бӀешо — XVIII бӀешо — XIX бӀешо — XX бӀешо Хронологин таблица
| Григорианан рузма | 1703 MDCCIII |
| Юлианан рузма | 1702—1703 (12 январехь дуьйна) |
| Юлианан рузма византийн эрица |
7211—7212 (12 сентябрехь дуьйна) |
| Рум йиллинчара дӀа | 2455—2456 (2 майхь дуьйна) |
| Жуьгтийн рузма |
5463—5464 ה'תס"ג — ה'תס"ד |
| Исламан рузма | 1114—1115 |
| Шираэрмалойн рузма | 4195—4196 (11 августехь) |
| Эрмалойн килсан рузма | 1152 ԹՎ ՌՃԾԲ
|
| Цийн рузма | 4399—4400 壬午 — 癸未 Ӏаьржа говр — Ӏаьржа уьстагӀ |
| Эфиопийн рузма | 1695 — 1696 |
| ШирахӀиндин рузма | |
| - Викрам-самват | 1759—1760 |
| - Шака самват | 1625—1626 |
| Иранан рузма | 1081—1082 |
| Буддийн рузма | 2246
|
1703 (эзар ворхӀ бӀе кхоалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу оршотахь. Иза вайн эран 1703 шо ду, 703 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 3 шо бӀешеран, 3 шо 1-гӀа иттаннаш шерашкахь XVIII бӀешеран, 4 шо 1700-гӀа шерийн.
Хиламаш
- Москохахь дӀайиллина дуьххьарлера москохан гимнази.
- 13 январь — Москохахь арадаьлла оьрсийн маттара зорбанан «Москохан пачхьалкхехь а, гуонахьарачу мехкашкахь а хаа, дагахь латто хьакъ долу тӀеман а, кхечу а гӀуллакхийн ведомосташ» газетан хьалхара лоьмар.
- 2 февраль — Аквилехь мохкбиегор, Итали.
- 14 февраль — Норчехь мохкбиегор, Итали.
- 7 май — Лемкин арахь, Долги эвлана гена доцуш (Карпател дехье) — коьртехь Эсе Тамаш волу куруцашна а, австрин регуляран эскарна а йукъахь тӀом (ГабсбурггӀаран дуьхьала къоман-маршонан тӀом 1703—1711 шш.).
- 12 май — оьрсийн эскаро йаьккхина шведийн гӀап Ниеншанц Нева эркан хикхочера.
- 16 май — Португалин а, Йоккха Британин а йукъара «Гуттаренна бертах» цӀе йолчу Лиссабонан барт кӀел куьг таӀийна.
- 22 май — Лиссабонан гергахь (Португали), француз Коетлогон тӀелета боккха туьхан мохь бохьаш догӀу 100 нидерландийн кеманийн эскадран.
- 26 май — Португали дӀакхета Сийлахь Бертах.
- 27 май — Оьрсийн паччахьаллин паччахьо Петр Хьалхарчо йиллина Петарбух гӀала.
- 29 июль — Дефо Даниель вихкина иэхьие бӀогӀам тӀе зуламаш бахьнехь — гӀаттам а, эладита а — политикин емалан брошюра арахецарна.
- 8 август — дуьххьара «Венин газет» арахецар.
- 1 сентябрь – Петр Хьалхарчун омарца Онегин Ӏоман берд тӀехь йан йолийна эчиг даран завод, цунах тӀаьхьа Петрозаводск гӀала хилла.
- 12 сентябрь — Ингалсан эскаро десант йо Португале французашна а, испанхошна а дуьхьала чӀагӀбалархьама.
- 19 ноябрь — Парижехь Бастилин чохь велла аьчкан маска йоьллина стаг.
- 24 ноябрь — 2 декабрь — 1703 шарахь хӀорд чӀогӀа ловзабаларо хӀаллакйира Къилба Ингалс а, Ла-Манш а, байира эзарнашкахь берд йисттера бахархой.
- 27 декабрь — Португалис а, Ингалсо а куьг йаздира Метуэнан барт тӀехь, оцу бертаца Португале а, цуьнан колонешка йал йоцуш чудахьа ингалсан сурсаташ. Барто бакъо елира Португалин Ингалсе чагӀаран экспорт йан.
- 30 декабрь — Ӏусманан султанан Ахьмад III-гӀачун урхаллин йуьхьиг (урхалла дина 1730 шо кхаччалц).
- 31 декабрь — Японехь Токион гергахь мохк бегор. Йохийна Одавара, Токио, кхин гӀаланаш, 150 000 гергга стаг велла.
- Январь-март — Японехь историн йукъабахна хиламаш хилла, масала «Акон чӀир».
- Амонтон Гийома дӀабоьллу температуро газан Ӏаткъаман а, чухоаман а бо Ӏаткъам.
- Йан йолийна Букингеман гӀала (Ингалс).
- Ньютон Исааках хуьлу Паччахьан Ӏилманан йукъараллин председатель.
- Ингалсан талламхочун Дампир Уильяман Тийна океанан къилба декъе йолчу кхоалгӀачу экспедицин йуьхьиг (чекхйаьккхина 1707 шарахь).
- Эрцгерцог Карл бартхойн эскаршца воьссина Португале.
- Венехь Пачхьалкхан банк йиллина.
- Мункачан (Карпател дехье) кӀоштахь ГабсбурггӀаран дуьхьала гӀаттам хилла. Цунна коьртехь хилла Ференц Ракоци I.
- Брынковянус дипломатин йукъаметтиг хӀоттийна Российца.
- Петр I-чо липин эчигдаран заводаш кхоллар, тӀаьхьа Липецк гӀала хилла.
Бина
Хьаьжа кхин а: Категори:Бинарш 1703 шарахь
- 15 январь — Гебенштрейт Иоганн Эрнст, немцойн лор а, анатом а; медицинин доктор, Лейпциган университетан профессор, Леопольдинин декъахо (велла 1757 шарахь).
- 17 июнь — Уэсли Джон, ингалсан хьехамча а, инжийлан килс йиллинчех цхьаъ (велла 1791 шарахь).
- 23 июнь — Мария Лещинская, французийн паччахьан Людовика XV-гӀачун зуда (йелла 1768 шарахь).
- 4 август — Людовик, Орлеанан герцог, Филипп II Орлеанан цхьаъ бен воцу кӀант (велла 1752 шарахь).
- 29 сентябрь — Буше Франсуа, исбаьхьалча, суртдиллархо, агархо (велла 1770 шарахь)
- 18 октябрь — Галуппи Бальдассаре, италин композитор (велла 1785 шарахь)
- 28 октябрь — Граун Иоганн Готтлиб, немцойн скрипач а, композитор а (велла 1784 шарахь)
- 7 декабрь — Киттель Иоганн Йозеф Антонио Элизар, богемин лор (велла 1783 шарахь)
- Мухьаммад ибн Ӏабдаль-Ваххьаб, ваххьабийн кхоьллинарг (велла 1792 шарахь)
- Харрер Иоганн Готтлоб, немцойн композитор а, кантор а (велла 1755 шарахь)
Белла
Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1703 шарахь
- 11 январь — Гревиус Иоганн Георг, немцойн классикан филолог а, текстан емалча а (вина 1632)
- 3 март — Гук Роберт, ингалсан физик (вина 1635)
- 31 март — Бах Иоганн Кристоф, немцойн композитор (вина 1642)
- 16 май — Перро Шарль, французийн йаздархо, г\араваьлла, дукхах дерг, шен туьйранийн гуламца (вина 1628)
- 26 май — Папюс Самуэль, британин йаздархо (вина 1633)
- 22 сентябрь — Вивиани Винченцо, математик а, физик а (вина 1622 шарахь)
- 28 октябрь — Валлис Джон, ингалсан математик (вина 1616 шарахь)